ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Донбассна автономи лойла дац, боху Зеленскийс


Сепаратисташа лаьцна латточу Донбассна автономи яллане а лойла дац, элира Украинан президента Зеленский Владимира шен пресс-марафон йоьдуш Маршо Радион "Карана Хан" проектан хаттарна жоп луш.

"Шатайпа статусах долу низам дуьйцуш делахь, цуьнца доьзна вайн хьехайойла дац автономи. Гуманитаран гIуллакхаш ду хьехораш: маттах дерг дуьйцур ду, регионехь оьрсийн мотт базбарх. Цкъачунна шатайпана статусах долу низам проектехь бен дац. Цо билгалдоху хIуманаш дац "Нормандин форматца" шалхадовлуш", - аьлла Зеленскийс.

Ца дийцира Украинан президента хIун башхаллаш хир ю кечдечу низаман. Цунна хетарехь, регионан статус къастош лелха тарлуш йолу проблемаш йийшаялур ю цигара Iедал пачхьалкхан центрах тIех чIогIа ца доьзчхьана.

"Дукха до хеттарш оцу арадаккха кечдечу низамах лаьцна, суна гарехь, удуьйшур ду хеттарш, хIунда аьлча, пачхьалкх децентрализацин новкъа яккха дагахь ду тхо. "Нормандин форматца" догIуш низам ду оха кечдийриг. Иза кхето ма деза аш", - бохура Зеленскийс.

Еарийде дерриг а Украинерчу а, дуьненаюкъарчу а прессин журналисташна жоьпаш луш, Киевехь дIаьккхира Украинан президента Зеленский Владимира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG