ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чингисханна хIоллам хIоттийна ГIалмакхойчохь


Улан-Баторера Чингисханан хIоллам, архивера сурт
Улан-Баторера Чингисханан хIоллам, архивера сурт

Оьрсийчоьхь Чингисханна дуьххьара хIоттийна хIоллам бу ГIалмакхойчуьрчу Привольни юьртахь схьабиллинарг, хаамбо ТАСС агенталло.

Шина шарахь къахьегна хIоллам беш, васте диллина исторехь хилла дерг, дийцира болх юьхьар а лаьцна, доккхачу декъанна шен ахчанах чекхбаьккхинчу меттигерчу говраш кхиочу "Улан-Хееч" бахаман инарла директора Сангаджиев Джангара.

" Туьлга-аьчка хIоллам бу иза: йиъ метр лекха Чингисханан васт эцна вогIу цуьнан виъ бIаьхо, тIехь ю 4 байракх. Монголийн 4 гаран векалш бу баьччина гонах. ХIолламан когашкахь ду монголийн ширачу "тодо-бичиг" абатца кечдина йоза – мила ву, маца ваьхна Чингисхан хоуьйту цо. Оьрсийчоьхь дуьххьара хIоттош бу оцу ханна хIоллам", - дуьйцу Сангаджиевс.

"Ша композици исторера схьаэцна ю. Чингисхан паччахь хаьржича, наха иштта айвина, шайн белшаш тIехь вигина иза даржан меттигна тIе", - боху меценато.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG