ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь гIазгIумкий кхечу меттигашка дIакхалхорах жоп луш хилла хьаькам даржах мукъаваьккхина


Дагестанан премьер-министро Здунов Артема шен омрица даржах мукъаваьккхина Новолакан кIоштара гIазгIумкий кхечу меттигашка дIакхалхорах жоп луш хилла Антаев Махьмат.

"Дагестанан Новолакан кIоштахь беха гIазгIумкий кхечу метте дIакхалхоран урхаллин куьйгалхочун гIовс, Аухан кIошт меттахIотторах жоп лучу урхаллин куьйгалхо Антаев Махьмат даржера мукъавоккху пенсе вахарца доьзна", - боху документо.

Омра арадаларх йолу информаци бакъйира Дагестанан Iедалан пресс-гIоьнчалло. Цкъачунна хууш дац, мила хIоттор ву нохчий беха Аухан кIошт меттахIотторах жоп лучу хьаькаман дарже.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG