ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанан куьйгалхочун хьехамча лаьттинарг лаца кхайкхийна Iедало


Абдулатипов Рамазанан Дагестанан куьйгалхо волчу хенахь, цуьнан хьехамча хилла Махачев Осман дуьненаюкъарчу лехаме велла, баккхийчу барамашкахь кхаьъчнаш эцарна бехке веш, яздо "Регион Online" портало.

Москварчу Басаманан кхело "каравеъначул тIаьхьа шина баттахь лаьцна латто" кхачийна Махачев. Амма дуьйцуш дац, мел ахча, хIун "гIуллакх дарна" схьаэцна цо.

Махачев Осман ву Дагестанан медицинан-социалан экспертийин хьукматехь директор лаьттинчу Махачев Мохьмадан ваша (иза а ву баккхий къаьънаш эцарца доьзна талламо зуьйш).

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG