ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин а, цуьнан метта хин берш а, «Саддам Хусайнан IиндагI» а


Путин Владимир
Путин Владимир


Президенто хIинца йолу шен хан чекхъяьлча ша дарж дуьтуш шен тIаьхьалонча витаран я кхечу кепара Iедал дIадаларан проблемина хьажийна яра Москох йовзийтина доклад, яздо Iамеркан аз портало. "Путинан "бераш": 2024 шо чекхдаьлча мила хир ву Оьрсийчоьнна урхалла деш" цIе йолу и доклад йовзийтира Карнеги центрехь.

Цу талламан автор ву Москох Карнеги центран "Оьрсийчоьнан чоьхьара политика а, политикан институташ а» программин куьйгалхо Колесников Андрей а, Левада-центран куьйгалхочун когаметта Волков Денис а.

Оцу шиммо бинчу белхан коьртачу жамIех цхьаъ иштта ду: Оьрсийчуьра истеблишмент карарчу хенахь модернизаци ярца бала болуш яц, цуьнан коьрта Iалашо ю меллаша а, политикан а, урхалла дечу а, бизнесан а элиташна кхераме доцуш а Iедал кхечу куьйгашка дIакхачор.

Талламан авторшна хетарехь, система хийцамаш бан лууш яц, амма, юкъараллехь уьш бан беза аьлла хеташ хиларна, хийцамаш бон бохуш моттаргIанаш лелайо цо тайп-тайпанчу кепара.

"Коьрта ши вариант – "Путин вуьсу", "Путин дIавоьду, шен метта ша хаьржина стаг а вуьтуш" – дикачу агIор тIеоьцуш ю дукхахболчу бахархоша а, элиташа а", - яздо авторша шайн докладехь.

Путин Владимирна Iедалера дIавала новкъарло-м йийр яц те дуккха а шерашкахь куьйгалхо хиллачул тIаьхьа ирх оьллина вийначу волчу "Саддам Хьусайнан IиндагIо" аьлла шега хаьттича, Колесников Андрейс элира, цхьа а шеко а йоцуш, цу гIуллакхо шен Iаткъам бийр бу аьлла, яздо Iамеркан аз зорбанан гIирсо.

Колесниковс дийцарехь, Оьрсийчоьно Шемахь тIом болор доьзна дара, "автократана Iуьйранна куьзганчу хьаьжча шен юхь тIехь Саддам Хьусайнан юьхсибатан билгалонаш гуш хиларца.

"Оцу чулацамехь, президентан даржера дIавалар, дера, хала гIуллакх ма ду… Дерриг а дозуш ду 2024-гIа шо тIекхочуш гучудевр долчу миллион бахьанех", - бохуш вара иза.

Путина кхоьллина система а хийца ца елча ца йолу, хета Колесниковна. Автократаш дIабахча цхьана стагана тIейоьгIна кхьллина Iедалан система а хийцало, бохуш вара политолог.

Пачхьалкхан урхаллан университетан Оьрсийчоьнан элита талларан центран директорна Крыштановская Оьлгина хетарехь, Путинан я лаам а, я аьтто а бац Iедалера дIавала, мел чIогIа кхерамазалла лур ю бохуш цунна гарантеш яларх.

«Оцу стагана Iедал хийцадалар дахаран а, Iожаллан а хаттар ду. Цундела цо дерриг а дийр ду, шен система, ткъа цуьнца шен дахар лардан", - элира цо Iамеркан аз порталана еллачу комментарехь.

Муьлхха а керлачу куьйгалхочо система хуьйцур ю бохучун реза ю Крыштановская. Шен ойла нийса хилар гойтуш, цо масаллина далийра Медведев Дмитрий 2008-2012 шерашкахь президент волуш хилларг. Политикан говзанчо дийцарехь, Медведев хIумма а хийца дагахь вацара системехь, ша цу даржехь президентана лерина цхьа хан а бен йоккхур цахиларна. Амма и мехкан куьйгалхо волуш хилира мелла а либералан хийцамаш.

Крыштановскаяна хетарехь, Путин Iедалера дIаваьллачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан юкъаралла екъаяла мегаш ю. Цо дийцарехь, цхьана декъо дуьйцур ду, Путин турпалхо ву, иза дашо оьмар яра Оьрсийчоьнан исторехь бохуш, ткъа вукхара иза зуламхо лорур ву, цунна Нюрнбергехь санна кхел яре кхойкхуш.

И юкъаралла екъаялар хIинцале а хаалуш ду хIаваэхь, бохуш яра Оьрсийчоьнан элита талларан центран куьйгалхо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG