ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьждигна къоладан гIоьртина Дагестанехь


ХIинжа-ГIалина чуйогIучу Албурикентехь маьждига чу а ваьлла, оцу чуьра сагIаийна ахча гулдан хIоттийна ботт яста воьлла хилла ши жима стаг, амма гучуваьлла хехочунна, дийцира "Кавказ.Реалиига" Дагестанан полицин векалша.

Сеталца [screwdriver – инг., отвертка – оьрс. - ред] ботт елла гIерташ лаьцна ши кIант. Ткъа хехо, ца водуьйтуш, шаьшшиъ сацо гIоьртича, сеталца дуьхьалойина. Хехочух тийсабелла уьш, амма вукхо травматикан тапчанца цхьанна яйн чов йина.

"Чов йоккха яц, иза лоьрашна тIевигина. ШолгIаниг полице кхачийна. Цкъачунна толлуш ду хилларг, лаьцна вац шиннах цхьа а", - элира полисхоша.

Хьажа комменташка

XS
SM
MD
LG