ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элистан куьйгалле «ДНР-хо» хIотторна резавоцучунна гIуда тоьхна


Элиста гIалин кхело пIераскана 20 эзар сом гIуда тоьхна меттигерчу жигархочунна, журналистна Бюрчиев Бадминна. Иза бехкево шайн мехкан шахьаран коьрте «Донецкан республикерчу» сепаратистийн могIаршкахь лелла стаг хIоттор емалдарна.

Ши кIира ду Элистахь кеп-кепара протестан акцеш лаьтта. Гуламхоша а, пикетчикаша а харцо лору Элистан куьйгалле «ДНР-хо» Трапезников Дмитрий ваийтар. Байначу беттан 29-чу дийнахь резадацар кхайкхочу гуламхойн коьртехь хилла лору Бюрчиев.

Журналиста харцдо ша протест айинарг ву бахар. Гулам шашах хIоьттинера, цхьа а ца хьийзина нах вовшахтухуш, Трапезниковга дарж даларна резабоцурш вуно дукха бу шайн махкахь, чIагIдо Бюрчиевс.

Шена цадогIу гIуда тохарх лаьцна ГIалмакхойчоьнан Лакхарчу кхеле арз хьажо воллу ша, элира жигархочо «Кавказ.Реалиига".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG