ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евкуров Юнус-Бека министр латтийна цуьнан бажа бехкево куьйгана цIена вацарца


Даржо шена магочул сов бакъонаш долаэцарна жоьпе озийна ГIалгIайчохь гIишлошъяран министр Iийна Буружев Мустафа (мехкан куьйгаллехь лаьттинчу Евкуров Юнус-Бекан бажа), хаамбо "Интерфакс-о", республикан прокуратурерчу информацина тIе а тевжаш.

2012-2013-чу шерашкахь министралло инвестицин проекте хIоттийна хилла ангали сурсат доккхийла. Цунна дайа оьшучу ахчан Iедалера дакъа – 794 миллион сом – дIахьажийна инвесторе «Артис» фирмане. Амма болх хьочу муьрехь а, я тIаьхьа а ша «Артисо» гIуллакхна юкъа ца диллина шегара догIу 50% ахча, боху прокуратурин векалша.

Пачхьалкхан контракто юьйцу ангали доккхийла тахана а яц йина яьлла.

Низам дохийна министр Iийначо, инвесторехь ахча доцийла шена хуъушехь, цо 664 миллион сом балха юкъадиллина аьлла, кехаташна буха куьг яздарца, боху ГIалгIайчоьнан прокуратуро.

Хьостанаша дийцарехь, Буружев дуьххьара вац Iедална зен дарна жоьпе озош.

«2017-чу шеран Чиллан-баттахь гIишлошъяран министр Буружев а, гIишлошъечу «Эрзи» фирмин директор Алиев Ахьмад а лецира Жейрахехь школа еш 54 миллион сом лачкъийна хиларца доьзна, дов айдира бозбуанчаллаш лелорна», - боху ГIалгIайчоьнан прокуратурерчу хьостано.

ХIетахь Буружев Пятигорскерчу кхело дIахийцира цо 1,5 миллион закъалтна охьадиллича. Балхара шен лаамца дIавалийтира тIаьхьо.

Оццу 2017-чу шарахь кхин цхьа дов а айдира цунна дуьхьал – Несарахь канализаци еш гучудаьллера 27 километр яхка еза биргIанаш 12,5 бен ехкина цахилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG