ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчо Сулейман Бекир вийна курдоша шайца тIаме ваха реза цахиларна


Туркойчоьнан дозанца йолчу Шемарчу нохчийн Рас-эл-Iайн юьртара 17 шо долу вахархо-нохчо вийна курдоша, иза шайца цхьаьна тIом бан ца хIоьттича. Дозанера хьал тергалдечу журналиста Исаев Сосламбека бина «Кавказ.Реалиига» и хаам.

"ТIемаш лаьтта ша Рас-эл-Iайнехь. Юьртаца зIе яц. Амма Сулейман Бекир вийнийла билггал гучудаьлла. Цуьнца цхьаьна цхьа Iаьрби а вийна. Уьш реза ца хилла курдошца цхьаьна герза кIел хIитта. Ишта байинчу кхечу нахах лаьцна а дуьйцу, амма къаьсттина кхечарех ала ца хаьа суна. Юрт луьттуш ю, цигахь бехачу нохчашца зIе лоьху оха», - элира Исаевс.

Репортерехь йолчу информацица, курдойн тIемалоша 35 стагна тоьпаш тоьхна.

«Гергарчара дийцарехь, Бекир а, цуьнца важа Iаьрби а билггал вийна тIаме ваха дуьхьалваларна. Церан декъий дIаделла гергарчаьрга», - хаамбира Исаевс.

Журналистан информаци тIечIагIйина Истамулерчу нохчийн диаспоран куьйгалхочо, «Кавказдер» юкъараллин хьалханчас Висхаджиев Iелас.

"Дерриг а хьал суна кIезиг девза. Бекир вийнийла хаьа – иза 150 шо хьалха Шема дIакхелхинчу нохчех ву. Рас-эл-IайIнера. Иза нохчийн юрт ю, цигахь 1000 сов нохчо веха», - дийцира «Кавказ.Реалиига» Висхаджиевс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG