ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Элистан коьрте Донецкера сепаратист хIотторна резабоцчу гIалмакхойн гуламехь вара массийтта эзар стаг


Iедалан пурбанца протестан гулам хIоьттира тахана Элистахь. Бахархоша емалдира шайн коьртачу шахьаран урхалле Трапезников Дмитрий хIоттор. 300 стаг ваха магийна гулам бистира массийтта эзарне кхочуш, хаамбо меттиuегрчу «Кавказ.Реаалиин» корреспонденто.

2500 стаг муххале а вара барамехь, чIагIдо гулам вовшахтоьхначу регионерчу «Яблоко» партин декъан куьйгалхочо Боромангнаев Батыра.

"Барам бистинчу муьрехь лаьтташ 3-4 эзар стаг хир вара, оха а, Би-Би-Син журналисташа а багарбира баьхкинарш», - элира гулам дIахьош хиллачех цхьамма а – Бюрчиев Бадмас.

«Трапезников, дIагIо», «Яц ГIалмакхойчоь Трапезниковна», «ХIара тхан гIала ю» - уьш а, церна маьIнехь а яра гуламхошкара лозунгаш. Гобаьккхина лаьттара полици, амма цара новкъарло ца йира барамна.

«Кху акцех дуккха а денойн акци ала тарло, цхьа де ма даций оха Трапезниковга дIагIо боху – изза бохуш лаьттира тхо хьалха хиллачу гуламашкахь а, пикеташкахь а. Тхешан лаам кхочушбаллалц латта дагахь а ду тхо», - боху Боромангнаевс.

Гуламо дехна ГIалмакхойчоьнан куьйгалхочуьнга Хасиков Батуга а, Халкъан хуралерчу депутаташка а Элистан куьйгалхо оцу гIалин бахархошка муниципалан харжамашкахь къаставайтар.

«Донецкан Республика» олучу сепаратисташа Украинах дIакъастийначу махкара схьаваьлла, цигарчу администрацица юкъарлонашкахь хилла ву Трапезников Дмитрий, иза шайна ца мега, бохуш, протестан акцеш латтайо Элистахь бахархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG