ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойн эскаршна дуьхьал яьккхина Шеман арми


Туркойчоь тIелеттачу къилбаседа хьовсийна Шеман эскарш. Шемарчу официалан хьостанаша Туркойчоьнан тIелатар "агресси" ю аьлла, дIахьедина. Оцу юкъанна хаамаш баьржина Шеман куьйгаллина а, "Шеман демократин ницкъашна" а (курдойн гIаттамхой) юкъахь дийцарш дуьйладелла аьлла. Reuters агенталло яздарехь, Оьрсийчоьно Iалашъечу Латакерчу Хмеймим авиабазехь дIахьош ду дийцарш. Бертан дийцарех кхачо йоллу информаци луш яц.

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн тIеман министрна Эспер Маркна хетарехь, Туркойчоьно шен тIелатарш шуьйрачу масштабашкахь кхио тарло, яздо Би-би-си-но. Хьостано Шеман дозан тIехь Iамеркан коьрта юкъархой лору курдойн гIаттамхой юхатоха деккхар ду туркойн эскархойн тIелатаро. Эспера бахарехь, Шеме а, Оьрсийчоьне а гIо деха тарло курдаша, "цундела Iамерка царна тIехIуттур яц" аьлла, билгалдоккху Пентагоно.

ООН-ан информацица, шайн хIусамаш дIатесна Шемарчу 130 эзар сов вахархочо дахначу кIиранчохь, Шеман къилбаседанехь болийна тIемаш бахьана долуш. МухIажирийн терахь гергарчу хенахь кхин тIе а алсамдала тарло аьлла хета ООН-нна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG