ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Петровна" а, "Бошировна" а, ГРУ-н куьйгалхочунна а дуьхьал санкцеш яхйина


Боширов а, Петров а RT хьостана интервью луш
Боширов а, Петров а RT хьостана интервью луш

Кху шеран юьххьехь химин герз лелорна тоьхна санкцеш 2020-чу шеран ГIадужу-беттан 16-чу дийне кхаччалц дIаяхъян сацамбина Евросоюзан Кхеташоно. Пхеа шемахочунна а, веа Оьрсийчоьнан вахархочунна а дозанаш тохаро доьхкур ду Евробертан пачхьалкхашкахуда лела, ишта йоьхкур ю церан активаш. Ву царлахь Оьрсийчоьнан Инарла Штабан Коьртачу Урхаллан (хьалха ГРУ) куьйгалхо Костюков Игорь а, цуьнан хьлхара гIовс Алекссев Владимир а, ишта ву Чепига Анатолий а, Мишкин Александр а. Уьш тептар юкъабахийтина Петров Александран а, Боширов Русланан а цIерашца. Ингалсан Солсбери гIалахь Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана Юлина а дIавш даларна бехкевина и шиъ, Евробератн Iедалхоша ГРУ-н эпсарш лору.

Стохка Зазадоккху-баттахь дIавш деллера СкрипальгIарна: дена а, йоIана а. Еххачу заманчохь дарба лелийначул тIаьхьа гIоле хилира цу шинна. Британин Iедалхоша официалехь дIахьедарца бехкейира Оьрсийчоь оцу зуламна. Официалехь дIакхайкхийра шеконашка эцначу Боширов Русланан а, Петров Александран а цIерашца Великобритани баьхкинарш.

Британин талламчаша чIагIдо, Оьрсийчоьнан Инарла Штабан Коьртачу урхаллан ши белхахо ву и шиъ бохуш. Москвано бехкаш тIе ца лоцу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG