ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн "Мехк-Кхелан" куьйгалхочун хIусамех хьовса баьхкинера полисхой


Мехк-Кхелан сайтан логотип. Скриншот
Мехк-Кхелан сайтан логотип. Скриншот

ГIалгIайн юкъараллан "Мехк-Кхел" боламан куьйгалхочун Султыгов Сараждинан хIусамех хьовса баьхкина хилла полисхой, яздо "МБХ медиа" хьостано. ГIалгIайчуьрчу бусулбачийн Ассоциацин хьалханчас Абадиев Мусас хаамбина хьостане, полисхой баьхкина хила тарло, 2015-чу шарахь Шемахь велла лоруш волу цуьнан кIант Султыгов Руслан "цIа веана хила тарло" аьлла хеташ.

Магасерчу ФСБ-н урхалле дIавигина хилла Султыгов Сараждин. Абадиевна хетарехь, Нохчийчоьнан парламентан спикере Даудов Мохьмаде цо бинчу кхайкхамца доьзна хила а тарло, "Мехк-Кхелан" куьйгалхочун хIусаме бахкар.

Масех де хьалха жигархо кхайкхина вигина хиллера "Э" Центре, Iедалца дага а ца бовлуш акцеш хIиттор могуьйтур дац аьлла, цигахь дIахьедина хиллера цуьнга.

ГIалгIайн юкъаралхо а, жигархо а ву Султыгов Сараждин. Iедална а ца хууш, митинг хIотторна стохка иза лацарх яздира "Кавказ.Реалии" портало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG