ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Батукаев низам дохош арахецна аьллачу кхелана бойкот кхайкхийна гIиргIазойн экс-президенто


ГIиргIазойчоьнан хилла президент Атамбаев Алмазбек

Нохчийн криминалан авторитет Батукаев Iазиз низам дохош набахтера арахецарца долийначу гIуллакхан хьокъехь кхелахошна бойкот кхайкхийна ГIиргIазойчоьнан экс-президенто Атамбаев Алмазбека, яздо "Интерфакс-Азейрбайджан" хьостано. "Кхелана бойкот кхайкхийна Атамбаевс, цундела суьдхойн процессе ваха лаам бац цуьнан. Шена тIехь ен кхел харц ю, кхелан кхеташонашка гIур вац ша аьлла, дIахьедина цо",- аьлла Атамбаевн адвокато Жоошев Замира. Экс-президент а воцуш, цуьнан кхелан процесс дIаяхьар деха дагахь ду шаьш оршотдийнахь аьлла адвокато.

Батукаев Iазиз низамца а доцуш маьршаваккхар коррупцица доьзна ду аьлла, гIиргIазойн 19 хьаькамна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш долийна. Царех 14 стаг резахилла шайн лаамехь тоьшаллаш дан, таллам дIабахьа аьтто бан.

ГIиргIазойн исторехь уггаре дукха дуьйцучех ду ала тарлуш ду "Батукаевн дов". Полицин релизо бахарехь, 451 тептарх лаьтта бехктакхаман гIуллакх. Жоьпе ийзочу нахалахь ву президент лаьттинарг а, могашаллин министр Iийнарг а, шераш хьалха даккхий гIуллакхаш карахь лелла кхин а массех стаг а. Ткъа дов айдайтинарг ю Жогорку Кенеш – парламент.

Тоьшаллаш дала талламчашна тIе цаварна, президент Iийна Атамбаев Алмазбек лаца Iедало ерриг а полици а тIехь гIаттийра. Массех дийне делира иза лоцуш Кой-Ташехь иккхина тIематасадалар.

2013-чу шеран бIаьста, вон цамгар кхетта ву аьлла йолчу лоьрийн экспертизанна тIе а тевжаш, Нарын гIалин кхело мукъаваьккхира набахтера Батукаев Iазиз – ГIиргIазойчохь вина а, кхиина волу нохчо. Ша арахоьццушехь, кеманца Нохчийчу дIавахара Батукаев.

Иза харцонца мукъаваьккхина набахтера, аьлла гIара айира мехкан парламенто. Цкъа айдеш, тIаккха дIакъовлуш латтийра Батукаев набахтера араваккхарх долу дов. Кхушара юхаайдина иза.

XS
SM
MD
LG