ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шеман къилбаседанерчу конфликтна юкъагIорта лаам бац шайн аьлла Кремло


Шемара хьал политикехь дерзорна новкъарло ечу муьлххачу а некъашна дуьхьал ю Оьрсийчоь аьлла, дIахьедина Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс. Курдойн гIаттамхошна дуьхьал Шеман къилбаседанехь операци йолийна Туркойчоьно ГIадужу-беттан 9-чохь. Песковс бахарехь, Туркойчоьно Шемаца болийначу тIама юкъа Оьрсийчоь озон хьесап ду аьлла, оьрсийн Iедалхошна "ойлаян а ца лаьа".

Кремлан векало дийцарехь, оьрсийн а, туркойн а Iедалхоша а, буьйранчаша а вовшашца латтош уьйраш ю. Песковс билгал ца даьккхина, шина пачхьалкхан векалшна юкъахь Шемарчу хьолах барт хиларх.

Карладоккху, курдаш террорхой лору Хонкарас. КIирандийнахь хиллачу информацица, туркойн эскарша хIаллаквина хIинцале а 490 тIемало аьлла Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа. Цуьнан дешнашца аьлча, Шемахь туркойн эскарша йолийна операци бахьанехь Хонкаран а, Москван а юкъаметтигаш ийгIина яц.

Ишта ЭрдогIана чIагIдарца, йолийна тIеман операци шоръярна дуьхьал яц Оьрсийчоь.

Туркойчоьно йолийна операци бахьана долуш бIеннашкахь Шемара бовдур бу террорхой аьлла, дIахьедира Путина. Ишта шеконаш ю оьрсийн президентан, дIаяьхна хилла территореш юха шайн карерзорехь туркойн маса аьтто бер бу аьлла. Хонкарас дIахьедо, Рас-эль-Iайн а, Телль-Абйад а шайгахь ю бохуш.

XS
SM
MD
LG