ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемарчу курдаша барт бина официалан Димашкаца


Курдашна гIортор еш Парижехь хилла демонстраци
Курдашна гIортор еш Парижехь хилла демонстраци


Шеман демократин ницкъаш олучу курдийн тIеман тобанаша барт бина президентан Асад Башаран Iедалца, шайн карахь йолчу цхьамогIа гIаланашкахь цуьнан тIеман ницкъаш дIатарбарх лаьцна, тIедогIучу тукройн эскаршна дуьхьало яр Iалашонца. Цунах лаьцна хиъна оршотан буса, хаам бо Маршо Радион Орсийн сервисо.

Хьалхо Шеман армин векло дIахьедар динера, шайна омра делла аьлла къилбеседахьа дагIорта, цо бахарехь, "туркойн агрессина" дуьхьало ян. Оршотан Iуьйранна Асадан эскарша дIалецира туркойн тIеман ницкъаш тIедоладеллачу некъаца Iуьллу Тель-Тамер гIала.

Болчу хаамца, цул сов, Шеман эскарша дIалаьцна Табка олу Iамерко куьйгалла дечу коалицино пайда оьцуш хилла авиабаза а, кхин а цхьамогIа Шеман къилбаседа-малхбалехь йолу меттиг а.

Курдаша бинчу бертан чулацамца а догIуш, Асадан эскарша дIалаца езаш ю туркойн эскарийн маршрутца Iохку ерриг а гIаланаш. И бахьана долуш туркойн я операци сацо дезар ду, я Хонкаро шаьш дан лууш дац аьлла дIакхайкхийна долу, тIом боло дезар ду Шеман армица.

Шемарчу курдойн векалша дуьйцу, Асадаца шаьш бина барт тIеман гIортор ярх а бен хьакхалуш бац бохуш. Шеман къилбаседа-малхбалехь хир йолу политикан раж йийцаре ца йина, боху цара.

Курдийн векалша дийцарехь, церан дехар дан дезна Димашке, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа шайн эскарш Шеман къилбаседехьара арадаха сацам бинчул тIаьхьа.

Оьрсийчоьнан тIеман министралло официалан кепара комментарий ца йина тIаьхьарчу сохьташкахь Шемахь хиллачунна. Цкъачунна кхеташ дац муха хьоьжу Оьрсийчоьнан тIеман буьйранчаш Шеман арми къилбаседехьа йолаяларе.

Туркойчоьнан Iедалша а цкъачунна комментари ца йина хIоьттинчу хьолана. Цу пачхьалкхо терроран лоруш ю Шемара курдийн тIеман тобанаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG