ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн гонера хьаькамаш лецарх баржийна хаам "фейк" ю аьлла министро


Нохчийн зорбан министр Умаров Джамбулат
Нохчийн зорбан министр Умаров Джамбулат

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан гонера хьаькамаш лецарх Iораяьккхина информаци "фейк" ю аьлла махкарчу Iедалхоша, яздо "URA.RU" хьостано. Хьалхо "Новая газетас" шайн хьосташна тIе а тевжина, хаамбира, тIаьххьарчу беттанашкахь Нохчийчохь масех лаккхара даржхо дIалаьцна хиларх.

"Цхьана а "Новая газетан" фейкех комментари йийр яц оха, царех лаьцна цхьанна а дуьйцуш хезна а дац", - аьлла, дерзийна шен "URA.RU" хьостаца хилла къамел зорбан министро Умаров Джамбулата.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан пресс-секретарь Каримов Iалви дуьхьал хилла жоп дала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG