ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьне Шемахь йолийна операци юхаяккха аьлла Трампа


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналд
Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналд

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн вице-президенто Пенс Майка дIахьедина, президенто Трамп Доналда телефонехула Туркойчоьнан президентца ЭрдогIан Реджепца къамел дечу заманчохь Шемахь болийна тIом хьем ца беш сацабе аьлла, кхайкхамбарх.

Дахначу кIиранах Туркойчоьно шен эскарш чуоьзна Шеман къилбаседанехь. Пенса дийцарехь, ЭрдогIанца хиллачу къамелехь Трампа кхетташ йовзийтина шен позици. 160 эзар сов маьршачу бахархоша дIатесначу регионе кеста ша ваха дагахь ву аьлла Iамеркан вице-президенто, цигара хьал дерзон Iалашонца.

"Туркойчоь Шема гIортарна кхин дIа садетта дагахь яц Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташ. Оха кхайкхамбо Туркойчоьне, операци саца а яй, бертан дийцаршка хаа аьлла", - дIахьедина журналисташка Пенс Марка, яздо Reuters агенталло.

Пенса ша Шема ваха дагахь хиларх дIахаийтале масех сахьт хьалха Трампа дIакхайкхийна, Туркойчоьнан муьлххачу а структурашна а, я къастийначу хьаькамашна а дуьхьал санкцеш яха могуьйту омра арахеца дагахь ву ша аьлла.

Ишта цо бахарехь, 100 миллиард долларшкахь Хонкарца йохка-эцарх бина барт а юкъахбоккхур бу ша, ишта Шеман къилбаседане иза чугIортарна Туркойчу дохьуьйтучу болатан мах а шозза хьалабоккхур бу ша аьлла.

"Маса Туркойчоьнан экономика хIаллакъян кийча ву со, нагахь санна, туркойн лидерша шаьш леринарг духа ца даккхахь", - аьлла Трампа, оршотдийнахь ша зорбане даьккхинчу дIахьедарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG