Шеман къилбаседанехь тIеман операци йолорна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа Туркойчоьнна дуьхьал санкцеш яьхна. Пачхьалкхан секретаро Помпео Майка динчу дIахьедарца, президенто Трамп Доналда омрана куьйгъяздина. Туркойчоьнан энергетикан а, тIеман а министраллашна дуьхьал а, ишта энергетикан а, чоьхьарчу гIуллакхийн а, тIеман а министрашна а тоьхна санкцеш.
Помпеос дIакхайкхийна, дахначу кIиранчохь Туркойчоьно Шемарчу курдашна дуьхьал йолийна тIеман операци бахьана долуш терроризмна дуьхьал латто къийсам лахбина, маьршачу бахархойн дахар кхераме дерзийна, йоллу регионехь а ситуаци марсаяьккхина аьлла.
Катоххий Шемахь йолийна операци юкъахъяккха аьлла, кхайкхамбина Доналда ЭрдогIане. Шемахь шайн хилла Iалашонаш кхочушйина яьлла Iамерка, шемахой туркойх Iалашбан дагахь дац шаьш аьлла, Твиттерехь юха а хаамбина Трампа, Шеман къилбаседанера шайн эскарш арадаха дагахь хилар билгалдоккхуш. Шайн тIелатаран Iалашо - террорхойх шайн дозанашна болу кхерам дIабаккхар ю аьлла, дIахьедина Туркойчоьно.