ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алаудинов: "Хьаъа а, хIуъа а дийцахь а, сан дахарехь хийцамаш бац"


Алаудинов Апти а, Кадыров Рамзан а, Алханов Руслан а

Устрада-гIалин мэр лаьттинчу Темирбаев ИбрехIиман хIусамехь бегашца портерт тIехь волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан уккалх хIума тохарна мехкан урхалхочун дагтIера воьжна чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьалхара гIовс Алаудинов Апти аьлла, "Новая газетано" зорбане яьккхинчу артиклах комментари йитина Алаудиновс. Шен инстаграмехь йоьдучу эфирехь "Кавказ.Реалиин" корреспондентан хаттарна жоп луш, цо дIахьедина, "хIора шарахь тхан мостагIашна хазахета тхох лаьцна кеп-кепара истореш кхуллуш" аьлла.

"Шуна цкъа а къайле ца хила тарло, и кхуллу хIуманаш цхьа бух болуш санна дуьйцуш хилар. Цундела юьхьанца, хьуна дагадагIахь, туркойн сериалашка а хьийсина, тхан сийлахьчу либерасташа материал язйинера, цхьана фантастике дIавш лучу меттигехь со юкъархо хилла бохуш", аьлла Алаудиновс. Цо бахарехь, "оцу нюансийн вариацеш хийцалуш хуьлу: цхьаммо - цхьаъ дуьйцу, вукхара – кхин дуьйцу".

"Коьртаниг хIун ду аьлча, хьаъа а, хIуъа а дийцахь а, сан дахарехь хIуммаъ ца хилла. Цхьа а хийцамаш бац. ЖIала лета, караван дIаоьху бохучу принципца вехаш ву-кх со", - аьлла, тIетоьхна Аллаудиновс.

Хьалхо "СКФО Telegraph" телеграм-канало хаам зорбане баьккхира, Нохчийчохь "мехкан куьйгалхочунна дIовш дала гIертарх дуьйцу" аьлла. КIело ян дагахь хиллера аьлла, билгалваьккхинера Алаудинов Апти а, Темирбаев ИбрехIим а, Хьалха-Мартанан куьйгалхо Абдурешидов Валид а. Нохчийчоьнан куьйгалхочун пресс-секретаро Каримов Iалвис яржийна информаци "эладитта ду" элира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG