ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мукадехкийн дIовш мелла йоI ялийна дарбан цIийне


ДIовш мелла кхо шо долу йоI ялийна Хьалха-Мартанарчу дарбан цIийне. Регионерчу прокуратуран пресс-гIуллакххоша хаамбарца, шайн хIусамехь мукадехкашна луш долу дIовш мелла хилла цо ларамза.

"Тхоьга кхаьчначу информацица, шайн доьзалехь "мукадехкийн дIовш" мелла, вон хиллера цу берана. КIоштан дарбан хIусамехь охьайиллина иза", - аьлла бу прокуратуран хаам.

Хиллачу инцидентан гонах талламаш бу дIахьош карарчу хенахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG