ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн хаамийн гIирсашкахь хийцамаш бина


"Грозный" телеканалан директор Дудаев Ахьмад
"Грозный" телеканалан директор Дудаев Ахьмад

Хаамийн гIирсийн векалшца хиллачу цхьанакхетарехь республикерчу "Грозный" телеканалан директора, Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнчас Дудаев Ахьмада дIахьедина, зорбанийн барам лакхабаккхархьама шаьш бинчу хийцамех, яздо "Грозный-информ" агенталло.

Леррина терго тIеяхийта сацамбина интернет-хьосташна, оцу Iалашонца "Чечня Сегодня" агенталлана юкъадахийтина "Молодежная смена", "Столица плюс", "Ан-Нур" газеташ. Церан куьйгаллехь хир ву, нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос махкарчу Iедалхоша лело харцонаш Iораяхар дIадайа гIерта Ахмадов Чингиз.

Керла кхоьллинчу "Зорбан цIийна" юкъадахийтина литературан "Вайнах", "Орга", "Нана", "СтелаIад" журналаш. Царна тIехь куьйгалла дийр ду "Грозный -информ" агенталлан хиллачу редакторо Темирханов Iелас. Ткъа "Грозный-информ" агеталлан редактор хIоттийна Гичкаев Артур.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG