ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла гидроэлектростанци еш ю Панкисехь


Панкиси
Панкиси

Панкисехь ян йолош ю керла гидроэлектростанци (ГЭС). 27 мегаватт йолу «Самкурисцкали-2» хьалаян йолор ю карабогIучу баттахь "Пери" цIе йолчу компанино, яздо IPN агенталло. Компанин инарла директоро Иорданашвили Лашас хаамбарца, рогIерчу юьртана 15 километар дехьа долчу Самкурисцкали хи тIехь йийр ю иза.

"ГЭС хьалаян бакъо каракхаьчна тхан, карабогIучу баттахь белхаш дIаболор бу оха", - аьлла директоро. Меттигера бахархой "Хадори -3" ярх дийцаредаьккхича санна меттигера бахархой протесташка бевр бу аьлла хетий хьуна хаьттича, Иорданашвилис дIахьедина, "цхьайолчу Iедалхошца йоьзна йоцчу организацешкара дуьхьалонаш хила тарло", амма ГЭС ярташна генахь еш хиларна, "меттигерчу бахархошна цунах новкъарло хир яц" аьлла компанин директоро.

Ши бутт хьалха Панкисерчу Биркиани юьртахь "Ходори-3" станци юьллу аьлла долийра Iедало. Гуламашка бевлира дуьхьалончаш. Уьш кхоьрура станцино шайн Iаламна зен дарх, хи доцуш йисарх Дуиси, Биркиани.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG