ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ройзман: Кадыровс шен го цIанбар бакъ хила тарло


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Екатеринбурган мэр лаьттинчу Ройзман Евгенийна хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан го цIанбарх Iораяьлла информаци бакъ хила тарлуш ю. "Эхо Москвы" телеканалан эфирехь йовзийтина цо шен ойла.

"Нохчийчоьнах дерг аьлча. Чолхе ситуаци ю иза. Муьлхха а авторитаран Iедале цатешамца хьоьжу. Нохчийчоь чолхе регион ю, цигахь хIуъа а хила йиш ю. Кхин республика ю иза, кхин юрисдикци. Оьрсийчоьнан массо а низамаш лардеш дац цигахь. Газетан публикаци ешна ас. Хила йиш йолуш хIума ду-кх иза. Го цIанбеш бу. Иштаниг а нисло ", - аьлла Ройзмана.

"Новая газетан" хаамашца, Нохчийчохь дIалаьцна масех лакхара даржхо. Ву царлахь Устрада-гIалин мэр лаьттина Темирбаев ИбрехIим а. Газетан информацица, иза лаьцна ву Марсхьокху-баттахь дуьйна. 2006-чу шарера схьа дуьйна Кадыровн цабезам хилла цуьнгахьа, Нохчийчоьнан хиллачу куьйгалхочун Алханов Алун агIонча хилла ву бохуш. Ткъа иза лацаран бахьана ду боху Кадыровна критика яр.

Ишта яздарехь, лаьцначаьрца ву республикан орцан министраллан (МЧС) хилла урхалхо Яхъяев Руслан а, парламентан экс-депутат Магомаев Шемал а, хьуьнан бахаман министр лаьттина Мулаев Дикмохьмад а, социалан блокан гIуллакхашкахула вице-премьеран даржехь хилла Вайханов Халид а, мехкан некъан полисхойн (ГИБДД) хьалханча лаьттина Денилханов Шамхан а. Темирбаев ИбрехIиман телефонехула динчу къамелашка ладоьгIначул тIаьхьа дIалецна бу уьш, яздо хьостано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG