ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Севастополехь травматикан герз тоьхна стаг лазийна Нохчийчуьрчу вахархочо


Севастополерчу Гагаринан кIоштарчу хьостано хаамбина "Подъем" телеграм-канале, меттигерчу "Пиратская лагуна" барехь къаьркъа меллачу 33 шо долу Нохчийчуьрчу вахархочо дов а даьккхина травматикан герз диттина аьлла, яздо "Московский комсомолец" газетано.

Цо чевнаш йина 28 шо долу жимстаг дарбан цIийнехь ву. Баран белхахоша кхайкхинчу полицино дIалаьцна зуламхо. Цунна дуьхьал долийна бехкзуламан гIуллакх. Лаьцначо шена карийнера аьлла травматикан тапча новкъахь. ГIирмерчу нохчийн диаспоран векалша дехар дина полицига, шаьш юкъа а хIиттадай, дIасавалар а дехкий, лаьцначуьра дIахецахьара аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG