Дейишас йиттинчу ГIалгIайчуьрчу ворхI шо долчу йоIана Ажигова Iайшина дарбадар дика дIахьош ду, делахь а кхин а масех операци ю цунна ян езаш аьлла, хааме даьккхина Оьрсийчуьрчу берийн омбудсмено Кузнецова Аннас. "ЙоIана протез йилларх дийца хьалхе ду хIинца а. Цкъачунна лоьраша схьабохург, рогIера масех операци ю цунна ян езаш хIинца а. Вуьшта дерриг а дика схьадогIуш ду", - аьллачу Кузнецован дешнаш далийна "Новости" агентало.
Маршо Радионо яздира, Товбеца-беттан 4-чохь Наьсаран дербан цIийне ялорах Ажигова Iайша. Кегйина, ягийна, йиттина шира чевнаш яра цуьнан дегIаца. Оцу тIехула бехкзуламан гIуллакх долийна цуьнан дейишина Ганиева Маккина дуьхьал.
Талламчаша къасторца, кест-кеста къиза етташ хилла дейишас шен вешин йоIана.