ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ: шо доладелчхьана Оьрсийчохь дан лерина 39 зулам юкъахдаьккхина


ФСБ-н директор Бортников Александр

2019-гIа шо карадеачхьана къайлахчу сервисийн белхахоша духадаьккхина дан кечдина хилла 39 теракт, пачхьалкхан кеп-кепарчу регионашкахь тIелатарш дан лерина 49 террорхойн тоба а хIаллакйина аьлла, дийцина ФСБ-н директоро Бортников Александра йоьдучу кхерамзаллин органийн белхахойн а, къайлахчу сервисийн куьйгалхойн а дуьненаюкъарчу 18-чу кхеташонехь.

Бортниковс бахарехь, дан лерина хилла 49 терроран акт духатоьхна цара Инарла прокуратураца а, Роскомнадзорца а юкъахь. Цул совнах, дIакъевлина терроризмна бехке ву аьла, шеконашка эцначу 5, 5 эзар стеган банкера чоьташ а, дуьйцу "Интерфаксо".

XS
SM
MD
LG