ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн "къайлахчу" набахтера араваьккхинчул тIаьхьа веллачух латкъамбина Страсбурге


Страсбургера кхел
Страсбургера кхел

Нохчийчохь гейшна дуьхьал кампани йолийначул тIаьхьа веллачу Альтемиров Iарбин цIарах Европан кхеле арздина "Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машано". Европан конвенцин адамийн бакъонех 2, 3, 5, 13, 14 артиклех хьакхалуш ду чуделла арз.

Нохчийчохь гейшна тIехь ницкъбарца доьзна шолгIа латкъам бу бинарг яздо "Каспаров.ru" хьостано, ЛГБТ-н хаамна тIе а тевжина.

Альтемировн зуда а, кIант хилла, 2017-чу шеран Чиллан-баттахь лаьцна иза шина кIиранах сов латтийнера Устрадерчу къайлахчу набахтехь. Веа стага тоьшалла дина, иза цу набахтехь шайна гира, йиттина дегIа тIера цIока лилхина яра цуьнан, чевнаш яхкалуш яра аьлла.

Зазадоккху-беттан хьалхарчу деношкахь, гейш бу аьлла, шеконашца лаьначаьрца шайн гергарчу нахе дIавеллера Альтемиров, "вен а вей, шайна тIера юьхьIаьржо дIаяккха" аьлла. Оццу беттан 8-чохь велла хиллера иза шен гаргара нах уллохь а болуш. 26 де даьллачул тIаьхьа иза валарх тоьшаллин кехат делира, тромб иккхина велла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG