ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойн президент дуьхьал ву Трампан векалшца Шемарчу операцех дийца


Туркойчоьнан президент ЭрдогIан Реджеп
Туркойчоьнан президент ЭрдогIан Реджеп

Туркоша Шеман къилбаседанехь йолийначу операцин хьокъехь дийцарш дан тахана Хонкара вогIучу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн вице-президентца Пенс Майкца а, пачхьалкхан секретарца Помпео Майкца а ша цхьанакхетар вац аьлла, дIахьедина Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа. Нагахь санна, президент Трамп Доналд Туркойчу веанехь, цунна дуьхьал гIур вара ша аьлла ЭрдогIана. Шен администрацера церан даржашкара болу нах цхьанакхетар бу цаьрца аьлла туркойн куьйгалхочо.

Шеман къилбаседанехь Туркойчоьно, доккхачу декъанна, Iамеркан агIончашна - Шемарчу курдойшна дуьхьал йолийна операци емалйина Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа. Цхьа могIа туркойн официалан нахана а, урхаллашна а дуьхьал санкцеш яьхна Вашингтоно.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG