ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ДНР" а, "ЛНР" а дIасахеца а, Оьрсийчоьнца дозанна Iунал дар меттахIотто а деза, боху Украино


Минскерчу дийцаршкахь Украинин векал Кучма Леонид
Минскерчу дийцаршкахь Украинин векал Кучма Леонид


Минскехь бинчу бертан политикан пункташ кхочушъян дуьйладалале хьалха Украино, кхин долчуьнца цхьана кхочуш дан деза боху "ДНР" а, "ЛНР" а олу Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратистийн тобанаш дIасахецар а, Донбассехь Оьрсийчоьнца долчу дозанехь Iуналла дар юхаметтахIоттор а.

Цунах лаьцна фейсбукехь яздина Минскерчу дийцаршкахь Украинин векалан Кучма Леонидан зорбан секретаро Олифер Дарьяс.

Дан дезачу гIуллакхашна юкъахь Украино хьахийна буьззинчу барамехь герзаш деттар сацор а, Украинин ерриг территори тIехь, шена юкъахь Оьрсийчоьнца долу доза а долуш, ОБСЕ-н миссин болх юхаметтахIоттор а, Украинин территори тIера кхечу пачхьалкхан эскарш а, тIеман техника а араяккхар а, Донбассехь тIеман ницкъаш дIасабахар а, Украино Iуналла деш йоцчу территори тIехь харжамийн комиссийн а, партийн а, зорбан гIирсийн а болх меттахIоттор а.

Иза динчул тIаьхьа бен аьтто хир бац Донбассехь харжамаш бан а, Донецкан а, Луганскан а областийн цхьайолчу кIошташкахь ша-тайпа статус юкъаяккхар а.

Цу тептарна юкъарчу цхьамогIа декхарех лаьцна хьалхо дийцинера Украинин арахьарчу гIуллакхийн министро Пристайко Вадима а, президенто Зеленский Владимира а, амма Украинин официалан позици санна уьш дIахьедина дацара.

Кху беттан 15-хь Украинин а, Оьрсийчоьнехьа болчу сепаратистийн а векалийн барт ца хилира Донбассехь эскарш дIасадахарца боьзна. Украинин векалша билгалдаьккхира тIеман ницкъаш дIасабаха 7 дийнахь герзаш деттар сацо дезаш дара, амма иза ца хилира аьлла.

Кхаарин дийнахь Оьсрийчоьнан президентан зорбан секретаро Песков Дмитрийс дIахьедар дира, Кремл цкъачунна кхеташ яц Киево дуьйцург Минскехь хиллачу бертах Украина юхаялар ду я дац бохучух аьлла. Украинин агIоно дуьйцург "данне а дагахь а доцуш" хилла хIума ду, боху цо.

Сепаратистийн векалша хьалхо дIахьедар динера шаьш дуьхьал хиларх лаьцна Украино бохучух дукхах дерг кхочуш дан. Оьрсийчоьно дIахьедарш до, сепаратисташ реза а боцуш, Минскехь бина барт кхочуш бойла дац бохуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG