ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Новая газетано" дуьйцург эзар процент аьшпаш бу аьлла Кадыровс


"Новая газетан" журналисташа ша шен го цIанбеш ву, лаккхарчу даржашкара дIабаьхначарна тIехь"къайлахчу набахтешкахь" къизаллаш лелайо бохуш, яржийна информаци бакъ яц аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Интерфакс" агенталло бина цунах хаам. "Доза доцуш ду цара дуьйцу харцдерг. Царна шайна а хаьа шаьш даржориг эзар процент аьшпаш буй. ХIетте а яздо. Соьлжа-ГIалахь кога тIе ког баьккхина а, новкъарло еш яц цхьанна а, талораш дац, арахь лелош зуламаш дац", - аьлла, дIахьедина Кадыровс.

Цо бахарехь, "цхьа нах бу шайн цхьа Iалашонаш хьалха а яьхна, информацин кампани дIахьош, Нохчийчоьнан а, цуьнан Iедалхойн а имидж талхорхьама". Ишта Кадыровс билгалдаьккхина, нохчийн гIаланийн а, яртийн а хазалла а, "кхерамзалла а, маршо а" цхьаболчу нахана дагтIе хIоьттина, цундела идеологин диверсеш лело буьйлабелла уьш аьлла.

"Новая газетано" яздира, тIаьххьарчу беттанашкахь нохчийн куьйгалхочун гонашкахь репрессеш йолийна, балхара дIабаьхна хьаькамаш а, церан гергара нах а, хадархой а "къайлахчу набахтешкахь" латтош бу аьлла.

Царна тIехь ницкъбина, къайлах лелочу бизнесах хаамаш схьабийцийтархьама, дIабоккху церан бахам а. Газетано яздарца, набахтера арахоьцурш декхаре бина Кадыров Ахьмадан Фонде миллионашкахь ахчанаш охьадахка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG