ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн-хIиндойн юкъахь яьккхина кино гур ю дуьненна


КарабогIучу беттан 12-чохь прокате йоккхуш ю нохчийн а, хIиндойн а кинематогрфисташа юкъахь яьккхина "Тоьлла доттагIий" ("Лучшие друзья") кино, хаамбина ТАСС агенталле филман режиссеро, Нохчийчуьрчу "Чеченфильм" кинокомпанин директоро Терекбаев Беслана. Берашна лерина кино яккха буьйлабелла ши шо сов зама яра. Юьхьанца Нохчийчохь, цул тIаьхьа ХIиндойчу дехьабевлла йина кинон съемкаш.

Сюжет ишта ю: тайп-тайпанчу къаьмнашкара, динашкара кхо дттагI - оьрси а, нохчо а, хIиндо а ХIиндойчу дIакхочу, юкъахь тасаделла доттагIалла а, къонахалла а бахьана долуш, новкъахь дуьхьалюьйлу халонаш а эшош.

"Оьрсийчоьнан културан министраллан а, "Курорты Северного Кавказа" компанин а гIоьнца яьккхина дуьненаюкъара берийн кино прокате ер ю ГIуран-беттан 12-чохь. Филм гойтур ю Къилбаседа Кавказехь а, ГIезалойчохь а, Якутехь а, Бурятехь а. Оьрсийн, нохчийн, ингалсан, хIиндойн, Iарбойн меттанашкахь хьовса таро хир ю кинога. ТIаьххьарчу 27 шарахь дуьххьара арайолу оьрсийн-хIиндойн юьззина метраж йолу кино ю иза", - аьлла, билгалдаьккхина Терекбаевс.

Ишта цо бахарехь, цу кино чохь дакъалаьцна Болливудехь гоьваьлла Дагестанера актер Аджикамалов Мухьамедрахьим цигахь ваха сецна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG