ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интернетехь кегийрхойн леларна тIехь терго латто дагахь ву Путин


Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира шен хьаькамашна тIедиллина кегийрхоша интернетехь лелочух кест-кеста терго латтон. Кремлан сайтехь зорбане даьккхинчу документ тIехь билгалдаьккхина, оцу некъаша Iедалхой тIекхиор бу, информацин дуьнено муха тIеIаткъам бо кегийрхойн хьежамашна. Ишта Путина тIедиллина, коммерцица йоьзна йоцчу организацин бух тIехь кегийрхой оьздангаллехь, динехь кхетош-кхиоран координацин центр кхолла. КарабогIучу беттан 1-чу дийнахь оцу хьокъехь шаьш кхочушбинчу балхах шега информаци кхачае аьлла президенто.

2020-2022-чу шерашна леринчу бюджетех низаман проектехь кегирйхойн "патриотикехь кхиорна" дайа лерина ду 26 миллиард сом. Цуьнах хIора шарахь 800 миллион сом хьажо лерина бу "кегийрхой динца, оьздангаллица кхетош-кхиорхьама интернетехь контент кхолла а, яржо а".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG