ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь протесташкахь хилла аьлла, Хамхоев лаьцна гIебартойн махкахь


Нохчийчоьнца латтанаш хийцинчул тIаьхьа ГIалгIайчохь Зазадоккхучу-баттахь хIиттийначу протестийн декъашхо ву аьлла, Хамхоев Джамалдин дIалаьцна ГIебарта-Балкхаройчохь. ГIалгIайн "Фортанга" интернет-хьостано бина цунах хаам.

ДIалаьцначун нанас Хамхоева Залинас дийцина хьостане, 212 -чу Бехкзуламан Кодексан 1-чу а, 2-чу а артиклашкахь (митинг вовшахтохар, къепе йохочу барамашкахь дакъалацар) бехк кховдийна цуьнга аьлла.

Нохчийчоьной, ГIалгIайчоьной къастийначу дозанашна резбоцчу гIалгIайн гуламаш дIабехьира Магасехь. Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь йолаелла митинг йохо арабевлира ницкъхой шолгIачу дийнахь, ткъа царна духьалоян гIоьртира нах. ХIетахь дуьйна лецна бу протестан иттаннаш лидерш а, жигархой а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG