ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара операци сацош бартхилла Iамеркан а, Туркойчоьнан а


Шеман къилбаседанехь туркойн тIеман операци сацон бартхилла Туркойчоьнан а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн а. Хонкарахь Iамеркан вице-президентца Пенс Майкца ша цхьанакхеттачул тIаьхьа бина цунах хаам Туркойчоьнан президентца ЭрдогIан Реджепца.

120 сахьтана герзаш деттар сацош сацам хилла шина пачхьалкхан. Оцу юкъанна курдойн тIемалойн арабовла таро хир ю тIемаш боьлхучу кIошташкара. Цул тIаьхьа Хонкарас ерриг а операци ерзор ю.

Туркойчоьнна дуьхьал керла санкцеш яха дагахь яц Вашингтон аьлла Пенса, хьалхо тоьхнарш а юхайохур ю, цара операци ерзоре терра аьлла.

"Туркойчуьра хаза хаамаш бу!...Миллионашкахь адамийн дахарна кхерам хир бац", - аьлла, шен твиттерехь яздина Iамеркан президенто Трамп Доналда.

ЭрдогIанца шина сахьтехь сов къамелаш дина Пенса. Кху беттан 9-чохь йолийна Туркойчоьно курдашна дуьхьал Шеман къилбаседанехь тIеман операци. Курдойн тобанаш террорхой бу аьлла хета Хонкарна. Ткъа Iамерко "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошна дуьхьал къийсам латторехь курдой шайн агIончаш лору Iамерко.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG