ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIаларчу фестивалехь тоьлла Нохчийчуьра хелхарчаш


Соьлжа-гIалахь дIаяьхьначу Эсамбаев Махьмудан цIарах Къаьмнашна юкъахь хелхаран фестивал-конкурсехь гран-при яьккхина Нохчийчуьрчу хелхаран дуэто Абкарова Фаридас а, Хасаев Ислама а, яздо ТАСС агенталло.

"Соло хелхар" номинацехь тоьлла Уткин Владислав, дуэтехь толам баьккхина Къилба ХIирийчуьрчу Бязров Алана а, Санакоев Инала а.

"Къоман хелхарца кхузаманан битамаш" гайтинчу Нижегородскан кIоштарчу Куликов Максимна жюрин совгIат кхаьчна.

Ткъа хьовсархоша къастийна ГIалмакхойчуьра Надбитова Айса а, Босхомджиев Джангр а.

20 эзар соьмера 100 эзаре кхаччалц болчу барамехь совгIаташ дина тоьлалчарна.

Билгалдаккха догIу, стохка хиллачу фестивалехь а гран-при кхечира Нохчийчуьрчу дуэтна.

XS
SM
MD
LG