ТIаьххьарчу 9 баттахь Нохчийчохь 2840 зулам дина меттиг хилар билгалдаьккхина мехкан прокуратурано. Ткъа и терахь 14 процентна лахара ду, масала, 2018-чу шарца дуьстича, яздо "Кавказпост" гIирсо.
Хуьлучу зуламийн 88% гучудаха аьтто хиларца охьаяьлла статистика аьлла, хета хьукматан векалшна.
Прокуратуран зерашца, лакхара ду бахамца доьзна зуламаш (33,8 %), ден къоланаш (47%), хьарамлонаш а (31,2%). Оцу юкъанна лахделла нах байар а (23%), шозза охьадаьлла могушаллина зенаш даран терахь а аьлла ю Нохчийчуьрчу прокуратуран информаци.