ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ставрополан кIоштан кхело дIа ца хийци Кациев а, Нальгиев а


Ставрополан кIоштарчу кхело еаридийнахь листина Кациев Хьасанан а, Нальгиев Исмаилан а хан дIаяхъеш апелляци. Гезгмашин-беттан чакхенехь Ессентукерчу кхело ГIуран-беттан 25-чу дийне кхаччалц Магасехь хиллачу протесташкахь дакъалаьцначу цу шиннан лаьцна вуьтуш хан тIетоьхнера.

"Апелляцина жоп ца дели", - аьлла "Кавказ.Реалии" портале Кациевн а, Нальгиевн а интересаш еарийдийнахь Iалашйинчу адвокато Зубенко Виталийс. Нальгиевн адвокатан Сабинин Андрейн аьтто ца хиллера кхеле ван, цундела цуьнан метта Зубенко вара шиннан а агIонча.

Оцу юкъанна, Зубенкос билгалдаккхарца, кхеташонехь керла тоьшаллаш гучудаьхна. "ЦIе хьулйинчу, зен хиллачу агIор цхьаммо мукIарло дина, дийцарехь, Кациев Хьасанах тера волчу цхьаммо Росгвардин эскархочунна тIе шиша а ластийна, цуьнан когех хIума етта волавелира аьлла. Талламчаша протокол стенна делахь а, ца гайтира кхелехь. Нагахь санна, цара вуьйцург билггал Хьасан хилча, дуьхь-дуьхьал стенна ца хIоттийна - кхеташ дац", - аьлла, дийцина адвокато портале.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG