ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Косметологин а, электронан цигаьркаш яржочу меттигашкахь а рейдаш дIаяьхьна Соьлжа-ГIалахь


Нохчийчуьрчу "Роспотребнадзоран" а, "Росздравнадзоран" а, Кхерамзаллан Кхеташонан белхахойх а вовшахтоьхначу леринчу комисси юкъахь Соьлжа-ГIаларчу Заводской олучу кIоштан администрацин векалша рейдаш дIаяьхьна махкарчу косметологин салонашкахь а, спортехь болчу нехан кхача бухкучу туьканашкахь а, электронан цигаьркаш яржочу коммерцин объекташкахь а. Тобано теллина оцу хIусамашкахь коммерци лело лицензи а, кхиндолу оьшу кехаташ а хилар.

Нохчийчохь кхиазхошна электронан цигаьркаш йохкар дехка Iалашонца низаман проект йийцаре йийр ю Нохчийчуьрчу парламенто аьлла, яздина Маршо Радионо, Новости агенталлан информацина тIе а тевжина.

Нохчийчу цу тайпа цигаьркаш яр а, уьш республикехь йохкар а дехка дагахь ву ша аьлла, дIахьедар динера Кадыров Рамзана Гезгмашин-беттан чакхенехь. Цо чIагIдарехь, уьш вуно зене ю бахархойн могушаллина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG