ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь машаран барт бохорна курдаша бехкейо Туркойчоь


Шеман къилбаседанехь туркойн эскаршна а, курдойн тобанашна а юкъахь летарш ду дIадоьлхуш, Iамеркан вице-президентан Туркойчоьнан президентца ЭрдогIан Реджепца пхеа денна герзаш совцош барт хиллашехь. Reuters агенталлан корреспонденташа а, меттигерчу журналисташа а бечу хаамашца, туркойн дозанерчу Рас-эль-Iайн гIалахь дIадоьлхуш ду тасадаларш.

Курдойн векалша бехкаш дохку туркойн тIемалошна, барт бохорна а, нах бехачу гIишлошна тIееттарна а. Цкъачунна информаци яц беллачех а, лазийначех а.

Ткъа Туркойчоьнан президенто ЭрдогIан Реджепа пIераскандйинахь дIахьедира, Шеман къилбаседанехь цхьана а кепара тIемаш беш бац аьлла.

Туркойн тIеман операци сацон бартхилира Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн вице-президентца Пенс Майкца Туркойчоьнан президентца ЭрдогIан Реджепца дийцарш хиллачул тIаьхьа. 120 сахьтана герзаш деттар сацош сацам хилира шина пачхьалкхан. Оцу юкъанна курдойн тIемалойн арабовла таро хир ю тIемаш боьлхучу кIошташкара. Цул тIаьхьа Хонкарас ерриг а операци ерзор ю аьлла дара дина дIахьедар.

Кху беттан 9-чохь йолийна Туркойчоьно курдашна дуьхьал Шеман къилбаседанехь тIеман операци. Курдойн тобанаш террорхой бу аьлла хета Хонкарна. Ткъа Iамерко "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошна дуьхьал къийсам латторехь курдой шайн агIончаш лору Iамерко.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG