Москварчу Третьяковн галерейхь кхозучу суьртан гонах скандал гIаьттина. Нохчийчохь тIемаш боьлхучу заманчохь байна болх бевзина суьрташ гулдархочунна. The Art Newspaper хьостано бина цунах лаьцна хаам. Нохчийн Захаровн цIарахчу музейра даьхьна хила тарло и сурт аьлла, шеко ю.
Дуьйцург ду Головинан "Iарбо" (Араб) сурт. Ж-95 тIехIоттийна шен лоьмар а йолуш хилла и этюд яйна музейра Нохчийчохь 1994-1996-чу шерашкахь тIемаш болуш. Коллекционер волчу Подстаницкий Сергейна девзина и сурт.
Третьяковкехь 2014-чу шарахь дIахIоттийна хилла и сурт, хIетахь Подстаницкийс музейрчу шен коллегашкахь и сурт долчарна дIакхачаде аьлла хиллера. Оцу сохьта гайтамера дIадаьккхина хилла хIетахь сурт.
Билгалдоккху, Третьяковн галерейн книгаш юхкучу хIусамерчу "Вернем Грозному музей" каталог тIехь ду и сурт, яздо TheArtNewspaper гIирсо.