ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркехь толам баьккхина нохчийн латархочо Бетербиевс


Нохчийн латархо Бетербиев Артур
Нохчийн латархо Бетербиев Артур

WBC-н (Дуьненаюкъара боксерийн кхеташо) а, IBF-н (Къаьмнашна юкъара боксерийн федераци) а версица, нохчийн латархочо Бетербиев Артура дуьненан чемпионан ши титул яьккхина украинхойн боксерца Гвоздик Александрца Филаделфехь хиллачу турнирехь. Нокаут а еш, 10-чу раундехь эшийна цо Гвоздик.

Шен карьерехь дуьххьара эшна лоруш ву Гвоздик, кхул хьалха 17-зза тоьлла иза, ткъа 14-зза нокаутца дирзинера цуьнан латар.

Ишта цкъа а эшийна вац Бетербиев Артур а. Шен профессионалан карьерехь хIара 15-гIа толам бу цуьнан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG