ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

19 шо ду шаьш Кадыровна тешаме долу аьлла, цо дIабаьхначу хьаькамаша


Балхара дIабаьхначул тIаьхьа, "къайлахчу набахтешкахь" латтош хилла баьхначу хьаькамаша шайх лаьцна яржийна информаци харцйина. Орцан министраллан куьйгалхо лаьттинчу Яхъяев Руслана а, ГИБДД-н урхаллера дIаваьккхинчу Денилханов Шамхана а бахарехь, карарчу хенахь шарахь къахьегча йогIучу "отпускехь" бу уьш. Нохчийн пачхьалкхан "Грозный" телеканалана еллачу интервьюхь дIахьедина цара.

Президент хиллачу Кадыров Ахьмадан тобанхой хилла ду шаьш аьлла цара хьалхарчу деношкахь дуьйна. "Тхаьш юьхьарлаьцначу некъана тхо тешаме долу 19 шо а ду. Муьлххачу а кхетамехь волчу стагна хаа декхар ду - даржийнарг бакъ доцийла", - аьлла цара цхьабоса.

Маршо Радионо яздира, "Новая газетан" бух тIехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен го цIанбеш бу аьлла. "Эзар процент аьшпаш бу" "Новая газетано" долийнарг элира Кадыровс ша а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG