ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьно а, курдаша а вовшашна бехкаш дохку Шеман хьокъехь маслаIат дохорна


Шемарчу конфликтан шина а агIоно - Туркойчоьно а, шемахойн курдаша а- вовшашна бехкаш дохку, еаридийнахь Iамеркан вице-президент Пенс Майк Хонкара веача бина барт бохорна. Туркойн тIеман министралло динчу дIахьедарехь боху, туркаша "террорхой" лоручу курдаша дахначу 36 сахьтехь 14-зза тIелатар дина Туркойчоьнца дозанехь йолчу Рас-ал-Iайн гIалахь. Ткъа шаьш бинчу бертаца схьадогIуш ду боху туркойн Iедалхоша.

Курдоша емалйо Туркойчоь Рас ал-Iайнерчу шайн позицешна тIелетарна. Ткъа тергамчаша динчу зерашца, маслаIат динчул тIаьхьа мел а лахделла герзаш деттар.

Пхеа денна резахилла туркой йолийна тIеман операци юкъахъяккха. Амма цара тIедиллина - шайн дозанера 30 чакхарма курдой дехьабаха аьлла. Нагахь и тIебиллам кхочуш ца бахь, шаьш операци юхайолор ю аьлла Хонкарас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG