ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровн полкерчу полисхочун карах Карелера эскархо велла


Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллана чуйогIучу Краснодарскан университетан квалификаци лакхайоккхучу Институтан филиалан ши студент Нальчикехь летта, цу шиннах цхьаъ велла аьлла яздо "Лента.ру" хьостано, "Омбудсмен полиции" телеграм-каналан бух тIехь. Каналан информацица, Карелерчу "Гром" спецназан гIуллакхдархо хилла велларг. Ткъа цуьнан оппонент Кадыров Ахьмадан цIарахчу ППС-н белхахо ву.

Яхначу буса меттигерчу хенаца 21:40 минот яьлча иккхина ю инцидент. Кхаа студентна а, Кадыров Ахьмадан полкерчу эскархойн дов далар летаршка дирзина хилла. Канало дийцарехь, божарий къастон гIерташ хилла, ткъа Нохчийчуьра полисхо Карелерчу вахархочух летачуьра соцуш ца хила. И шиъ вовшахваьккхинчул тIаьхьа, Карелера ницкъахо велла карийна.

ГIебарта-Балкхаройчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь информацех дерг хаа аьтто ца белира "Кавказ.Реалиин". Шайн бакъо яц цунах комментари яла аьлла, жоп делира министраллехь а.

"Талламчаш бу болх беш" аьлла, шуьйра жоп дала реза ца хилира Краснодарерчу Институтехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG