ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Милашинас жоп делла Кадыровна


"Новая газетан" журналист Милашина Елена
"Новая газетан" журналист Милашина Елена

"Новая газетан" журналисто Милашина Еленас комментари елла, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шена нохчашлахь цIийнда лаха веза аьлла, динчу дIахьедарна дуьхьал. «URA.RU» хьостан корреспонденте дIахьедина цо, йийцаре ен тема яц иза аьлла.

"Журналистийн тема яц иза, нахана цхьацуьрриг интересе хиндолу хIума а дац. Тема ю-кх – тахана Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьешар", - аьлла Милашинас. Цо билгалдаьккхина, республикан Iедалхойн адамашца йолчу юкъаметтигех ду дийца оьшург аьлла.

"Грозный" телеканалан эфирехь Кадыров Рамзана дехар дира шен гоне, журналист Милашина Елена маре яхийта цунна стаг лаха аьлла. Нохчийн божарша вас йинчух тера ду цунна аьллера мехкан куьйгалхочо. Цу кепара дIахьедар дира урхалхочо, "Новая газетан" агIонехь Милашинас шен го цIанбеш ву Кадыров, дIабаьхначу хьаькамашна "къайлахчу набахтешкахь" тIехь ницкъбеш аьлла, артикл зорбане яьккхинчул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG