ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь берийн бошмийн къоьлла латтарна нанойн аьтто бац балха арабовла


Нохчийчохь берйн бошмашкахь кхо шо кхачазчу берашна меттигаш ца тоьа, цундела нанойн аьтто бац болх бан, яздо "Кавказский узел" агенталло. Керла берийн бошмаш йинчул тIаьхьа, яслийн къоьлла хиларан проблемаш ерзон тарлур ду аьлла, дIахьедира мехкан Iедалхоша.

Меттигерчу бахархоша латкъамбина, яслешка раж кхочуш яц шайна, цундела беран 3 шо дуззалц балха арадовла таро яц шайн аьлла.
"Сайн йоI берийн беша дIаяхийта сан аьтто ца болу кхоалгIа шо а ду. Меттиг бац олу. ЙоIе хьажа стаг цахиларна, дан амал доцуш йисина со" - аьлла агенталле Соьлжа-ГIаларчу Тамарас.

Дайшна а, наношна а хетарехь, бераш алсам хиларна шо шаре бошмашкахь къоьлла хIутту, ткъа Iедалхойн ницкъ ца кхочу йоллу проблема ерзон.

Нохчийн статистийн зерашца, дахначу шарахь республикехь дуненчу даьлла 30 эзар бер.

Дешаран министраллан векало "Каказский узел" агенталле дIахьедарца, шо чекхдалале 22 керла берийн беш схьайоьллура йолуш ю Нохчийчохь 3 шо кхачазчу берашна лерина, юкъ-кара цо а аьтто бийр бу.

Министралалан зерашца, махкахь болх беш таханалерачу дийнахь 453 берийн беш ю. 80 эзар бер ду цига лелаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG