ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистанехь динчу эккхийтарехь беллачийн терахь 62 даьлла


ПIераскандийнахь ОвхIанистанан къилбаседанерчу маьждигехь динчу эккхийтарехь вийнарг мел лахара а 62 ву, иттанашкахь бу лазийнарш аьлла пачхьалкхан Iедалхоша. Цкъачунна цхьана а тобано дина зулам шена тIелаьцна дац. Нангархаран губернаторан векало бахарехь, билггал хууш дац эккхийтар динарг Iожалхо-террорхо хилла, йа кхечу кепехь дина тIелатар ду иза. Могушаллин министраллан векало дIахьедарца, бераш а ду лазийначарлахь.

Маршо Радионо яздира пIераскандийнахь, ОвхIанистанан малхбалерчу маьждигна динчу тIелатарехь мел лахара а 30 стаг велла аьлла. Нангарсхан провинцин губернаторан векало дийцинера журналисташка, маьждиг чохь масех оьккхуьйтург хилла йоьллийна аьлла.

Эккхийтар дича тIебоьжна хиллера маьждиган тхов. Меттигерчу наха дийцарехь, чухаьрцина хилла йоллу маьждиган гIишло а цхьана. Провинцин кхеташонан депутато хаамбинра, белларш боцурш а, 100 сов стагна чевнаш йина. Бусулбанаш ламазна моллас дIакхойкхучу юкъанна дина эккхийтарш.

Iедална дуьхьал лаьттачу цхьана тобано динчу эккхийтарх жоьпалла тIе ца лаьцна. Reuters агентало билгалдаккхарехь, тIалибаш а, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобан декъашхой а жигара хьийза Пакистанца юкъахь доза долчу Нангархар провинцин дакъошкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG