ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн Iедалш къастош ду Нохчийчохь студенташ латар


Серноводск
Серноводск

Нохчийчохь студенташ латар хьокъехь спекуляци лелорах ларбаларе кхайкхийна шайн бахархошка ГIалгIайчоьнан Iедалан векалша.

Нохчийн а, гIалгIайн студенташ вовшахтлетта хилла юьртабахаман техникумехь Серноводскехь. Иза тIечIагIдина ГIалгIайчоьнан арахьарчу уьйрашкахула а, къаьмнийн юкъаметтигашкахула а, зорбан а, информацин а министраллехь, хаам бо "Регнум" агенталло.

Цу министраллан Instagram-чу официалан агIона тIехь динчу дIахаийтарехь аьлла ду, дов даьлла хиларх лаьцна дахаран хьелашца доьзначу бахьанца.

Хилларг карзахадаккха гIерташ, республикерчу кегийрхошка Нохчийчу "дахана къасторе" кхойкхучу нахе кхайкхам бина министралло хьашт доцург дийцарх ларло аьлла. ГIалгIайчоьнан Iедалан векалша бинчу хаамца, хьал дIадерзийна "сихха цига кхаьчначу гIалгIайн а, нохчийн а низамаш лардечу органийн ницкъаша а, шина кIоштан администрацин белхахоша а".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG