ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирмехь журналистана буй тоьхна нохчийн байкеро


ГIирмерчу Симферополехь меттигерчу «Крым 24» телеканалан журналистана Уваров Николайна бетах буй тоьхна тIалам боцуш мотоцикл хьахкина аьлла шегара бехк баьккхинчу жимачу стага, хаам бо lenta.ru сайто. Шен агIор «Подъем» Telegram-канало, полицин хьастана тIе а тевжаш, дийцарехь, журналистана тоьхнарг ву Нохчийчоьнан вахархо.

Болчу хаамца, инцидент хилла Симферополехь гIалин юккъехь Маркс урамехь. Журналисто Уваровс бехк баьккхина хилла нохчочуьнгара, воккхачу стагана тIе мотоцикл тоххаза ваьлла хьо, аьлла.Ткъа юхавогIуш юха а, бехкбаккха шена дуьхьал ваьллачу журналистана бетах буй тоьхна байкеро.

Цу меттехь яьккхинчу видеона тIехь гуш ду Уваровна жимачу стага буй тухуш.

Лоьраша дийцарехь, буй кхетча, даьIахк а кагйеш, бат йохийна цуьнан.

Журналистана тIелатар динарг мила ву цкъачунна къастийна дац. ГIирмерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан зорбан сервисо бинчу хаамца, хилларг къастош бу полисхой.

Уваровс хьалхо репортаж йина хилла гIалийн юккъехь Марксан урамехь гIашлой дIасалелачухула машенаш а, мотоцикалш а леларх лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG